Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе Яруша яра, иза ЦІадукъин йоІ яра. Шен дас Іузи-ЯхІус санна, Йовтама Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Амма Везачу Элан цІа чу ца волура иза. Ткъа халкъо кхидІа а къинош летадора. Везачу Элан цІийнан кертара Лакхара ков юхаметтахІоттийнарг Йовтам вара. Иштта Іупал-гу болчу пенна тІехь а дуккха а кхиболу чІагІдаран белхаш байтира цо. Элан кІанта ХІушаІа, Рамли-ЯхІун кІантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тІе а летта, иза вийра. Иштта, Іузи-ЯхІун кІанта Йовтама паччахьалла до ткъолгІа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дІахІоьттира ХІушаІ.
Выбор основного перевода