Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгІира Бен-Хьадида. Цо шен тІеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гІаланашна тІелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Іаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаІак а гІаланашна а, берриг Наптал-махкана а тІехь, шена чу Канарот-мохк а богІуш. Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПІула Исраил-махкана тІегІоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПІуле, цуьнга шена гІо а дойтуш, шен паччахьалла чІагІдархьама. Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. БаІалан кІант – Баира. Иза вара Ашурхойн паччахь волчу ТилгІат-Пилнасара йийсаре вигнарг. Баира раабанхойн баьчча вара. ТІаккха Исраилан Дала, ашурхойн паччахьан ПІулин (иза ТигІлат-Палиасар ву) са карзах а даьккхина, раабанхой а, гадахой а, Маннашан ахтайпанан тІаьхье а йийсаре дІайигийтира. Уьш Хьалахь-гІала а, Хьабур а, ХІари а цІераш йолчу меттигашка а, Газун-гІалин хин йисте а дІабигира. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.
Выбор основного перевода