Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агІор болчу Тапсахь-гІалара дуьйна Іази-гІала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агІор долчу мехкашкара паччахьашна а тІехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Іаш вара Сулим-паччахь. Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа.
Выбор основного перевода