Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волчу Юашан кІант Амци-ЯхІу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхІу-Ахьазан кІант ЯхІуаш веллачул тІаьхьа пхийтта шарахь вехира. ТІаккха дерриг а ЯхІудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Іузи-ЯхІу шен ден Амци-ЯхІун метта паччахь дІахІоттийра. ЯхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Явешан кІант Шалум. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира. Элан кІанта ХІушаІа, Рамли-ЯхІун кІантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тІе а летта, иза вийра. Иштта, Іузи-ЯхІун кІанта Йовтама паччахьалла до ткъолгІа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дІахІоьттира ХІушаІ. Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до шолгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Іузи-ЯхІун кІант Йовтам. Шен дас Іузи-ЯхІус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. ТІаккха яхІудхойн массо а халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Іузи-ЯхІу, шен ден метта, паччахь а вина, дІахІоттийра. Іузи-ЯхІун ялхитта шо дара, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Іузи-ЯхІун ненан цІе Яхул-ЯхІу яра. Иза Ярушалаймера яра. Шен дас Амци-ЯхІус лела мел динарг санна, Іузи-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. Аса – ЯхІушаптин да, ЯхІушапти – Йораман да, Йорам – Іузи-ЯхІун да,
Выбор основного перевода