Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адам ма де. шайгара Везачу Элана совгІаташ да. Даггара сагІа дала лууш волчу хІора стага Везачу Элана лерина совгІат да: деши а, дети а, цІаста а, «Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхІуна тІе а гІой, Везачу Элан цІийнан кевнехь лаьтташ болчу гІаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга. Сайн долахь йолу кхин а цхьа хазна а ю сан, шена чохь деши а, дети а долуш. Иза а Делан цІийне болчу сайн безамна Делан цІенна дІало аса, айса оцу дезачу цІенна кечдина долчул а сов. Апар-махкара деана долу ши эзар пунт цІена деши а, ейтта эзар пунт цІена дети а делла аса Делан цІийнан чуьра пенашна тІе диллийта. Оцу деших а, детих а дакъа делла ас говза куьйгаш долчу адамашка массо а тайпана дашо а, дато а хІуманаш яйта. Кхин цхьанна а лаьий те тахана Везачу Элана сагІа дан?» ТІаккха доьзалийн тхьамданаша а, Исраилан халкъан тайпанийн баьччанаша а, тІеман коьртачу хьаькамаша а, тІеман хьаькамаша а, паччахьна белхаш беш болчийн хьаькамаша а шайн даггара сагІа деара. Цара а делира Делан цІа дІахІотторна итт эзар пунт дашо ахча а, итт эзар дарик олу дашо ахча а, ткъа эзар пунт дети а, иштта цІестан ахча а – ткъе ялхитта эзар пунт, ши бІе эзар пунт эчиг а. ТІаккха наха шайгахь нисделла деза тІулгаш а делира Везачу Элан цІийнан хазни чу дахкийтархьама. Уьш гІиршанхо волчу Яхьиалан кара дІаделира цара. Массо а тайпана сагІина хІума еанчу оцу наха шайн даггара а, боккхачу лаамца а Везачу Элана сагІа дарна, хазахеттера халкъана. Иштта чІогІа хазахетта вара Дауд-паччахь а.
Выбор основного перевода