Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧІогІа чов хилла волу Юаш Іад а витина, арамхой дІабахара. Ткъа динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІант верна, бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Іуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира. Юашана дуьхьал барт бинарш бара: Іамминхо йолчу ШимІатан кІант Забад а, муабахо йолчу Шимратан кІант ЯхІу-Забди а. Юашан кІентех а, цунна дуьхьал дукхазза а аьлла хиллачу Делера хаамех а, Делан цІа юхаметтахІотторах а лаьцна долчух яздина ду Паччахьийн тептаран хьехам тІехь. Юашан метта цуьнан кІант Амци-ЯхІу паччахь хилла дІахІоьттира. Ткъа хІара ду ЯрбаІам Сулим-паччахьна дуьхьалваларх лаьцна дийцар. Сулим-паччахьо Милло цІе йолу терхийн басенаш меттахІоттаяйтинера. Иштта шен ден Даудан гІалина гонах долу пенаш а тодойтуш хилла иза. Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу а, цуьнан куьйгаллехь хилла болу а хьаькамаш байира. Ярушалаймехь Амци-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гІала ведда дІавахара. ТІаккха, цунна тІаьхьа Лахиш-гІала нах а бахийтина, Амци-ЯхІу цигахь вийра.
Выбор основного перевода