Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тайпана деших массо а хІума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна. Уьш яра: хаза хьожа йоуьйту хІума яго дашо кхерч, Далла лерина бепиг тІедуьллуш йолу дашо стол; бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогІу хІума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кІора дІасабахьа нойш цІеначу деших дина еш; уггар езачу чоьнан чуьра неІарийн а, Делан цІийнан вукху неІарийн а кІажаш, деших дина долу. Дерриге а гІуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхІу-ЯдаІе а дІаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цІа чу дІахІитто пхьегІаш яйтира. Иштта Везачу Элана гІуллакх дан лерина пхьегІаш а, дийнаташ дагоран сагІанаш дахарна лерина пхьегІаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегІаш яйтира. ЯхІу-ЯдаІ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цІийнан кертахь хІора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагІанаш дохура.
Выбор основного перевода