Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дІаделира Аса-паччахьо. ТІаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дІадахьийтира цо Хьезиюнан кІентан ТІабримунан кІант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гІалахь Іаш волу Арам-мехкан паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира: Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегІа а схьаийцира ЯхІуаша. Иштта, лечкъийна, царах хІума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гІала юхавирзира иза.
Выбор основного перевода