Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа. Керла шо дІадоладелча, арамхойн эскар, Юашана дуьхьал а даьлла, ЯхІуд-махка а, Ярушалайме а чудеара. Цара халкъана юкъара мехкан баьччанаш хІаллакбира. Иштта цаьргара шаьш схьаяьккхина хІонс Дамасакхе паччахьна дІаяхьийтира. Арамхойн эскарехь дукха адам ца хиллехь а, Везачу Эло церан кара дІаделлера дикка ницкъ болу эскар. Юашана кхел йинера, яхІудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дІатесна дела.
Выбор основного перевода