Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Божан коьрта тІе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагІина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагІа ду. Газанан коьрта тІе куьг а диллина, къинах долчу сагІина лерина цунна урс хьакха деза цо дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь. «Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина. Цо ша хІинццалц ца делларг дІадала деза. ДІадала дезачунна тІе пхоьалгІа дакъа а тоьхна, иза динан дега дІадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду. Цо гІуда такхаран сагІа а лерина, ка схьаоьцур бу, тІаккха Дала а цу стагана гечдийр ду. Нагахь санна стага Везачу Эло тІедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а. Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гІуда такхаран сагІина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала а гечдийр ду цунна. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а лаьцна тІедиллинарг цхьаъ ду: цу сагІанца стага летийна къинош дІадохуш волчу динан дена дІалуш ду иза. Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
Выбор основного перевода