Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а халкъаша эр ду: „ХІун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чІогІа цІе хІунда яьлла?“ Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дІа а тесна, бахана, кхечу деланашна гІуллакх деш а бу, царна Іибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Іамал ян. Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ Кхечу къаьмнех дуккха а наха, шаьш хІокху гІалина уллохула тІехдуьйлучу хенахь, вовшашка хоьттур ду: „ХІунда дина те Везачу Эло хІокху тайпана гІуллакх хІокху йоккхачу гІалина?“ Царна жоп луш, эр ду: „Иза дина, шайн Везачу Дала бина барт дІа а теттина, кхечу деланашна Іибадат а деш, царна Іамал а еш, уьш лелла дела“».
Выбор основного перевода