Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Нохьас элира: «НеІалт хуьлда КанаІанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла. Кхин а элира цо: «Декъала ву Веза Эла, Шимин Дела, ткъа КанаІан Шимин лай хуьлийла. Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гІаланашкахь цхьа а чохь са долу хІума дийна ма йиталаш. Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхІудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхІудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Іаш бу Ярушалаймехь. Цу гІаланашкара бахархой ара ца бахабелира Маннашан тайпанах болчу нахе, цундела канаІанхой цу лаьтта тІехь баха бисира. Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дІа ца лахкабелира. Уьш хІинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тІаьхьенна юкъахь бехаш бу. Цхьаболу канаІанхой Байт-Шан, ТаІнак, Дор, ИбалІам, МагІидда олучу гІаланашкахь Іаш бара. Маннашан тІаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаІанхой цигахь баха бисира. Исраилан халкъ, са чу а деана, дІахІоьттича, цара канаІанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дІа а ца лаьхкира. Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГІазарахь бехаш болу канаІанхой цу лаьтта тІера дІабаха. Эпрайман тІаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира. Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тІаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тІаьхьенах берш а верриг а кхо бІе везткъе шийтта (392) стаг вара.
Выбор основного перевода