Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунца гергарло тесира Сулим-паччахьо, цуьнан йоІ шена а ялийна. Шен паччахьан цІа а, Везачу Элан цІа а, керт а, Ярушалайм-гІалина гонах йолу тІулган керт а дІахІоттаяллалц, Даудан гІала ялийра Сулим-паччахьо пирІунан йоІ. Сулим-паччахьан ша Іаш волу цІа кхечу кертахь дара. Иза кхел еш йолчу цІенна тІехьа дара, оццу куьцехь дина а дара. И санна цІа динера Сулим-паччахьо шена ялийна йолчу Мисар-мехкан пирІунан йоІана а. Ткъа хІара ду ЯрбаІам Сулим-паччахьна дуьхьалваларх лаьцна дийцар. Сулим-паччахьо Милло цІе йолу терхийн басенаш меттахІоттаяйтинера. Иштта шен ден Даудан гІалина гонах долу пенаш а тодойтуш хилла иза. ГІала чІагІъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхІус: доьхна долу пенаш а меттахІиттийра, пенашна тІехула бІаьвнаш а хІиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дІахІоттийра, Даудан гІали чу йогІуш йолу Милло цІе йолу терхийн басенаш чІагІ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо.
Выбор основного перевода