Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа а, шен паччахьан цІа а дечу юкъана ткъа шо дІаделира. Цул тІаьхьа шена Хьирама елла гІаланаш а юхаметтахІиттийра цо. Царна чохь исраилхой баха охьаховшийра Сулима. ТІаккха, Хьамат-Цоба а вахана, иза дІалецира цо. Иштта яьссачу аренгахь йолу Тадмар-гІала а, тІаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латто гІаланаш а дІахІиттийра Сулима Хьамат-махкахь. Лакхара Байт-Хьорон, Лахара Байт-Хьорон цІе йолу чІагІйина гІаланаш дІахІиттийра Сулима, гонах пенаш а, дІакъовлуш долу кевнаш а деш. Иштта, юхаметтахІоттийра цо БаІалт-гІала а, шен долахь йолу тІаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гІаланаш а, говраш южу гІудалкхаш латтош йолу гІаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гІаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гІалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тІехь шена ян лиъна йолу массо а хІума йина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Исраилан халкъ доцург, кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а, тІаьхьенех дисина адамаш, исраилхоша хІаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш тахханалц леш бу. Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора, цаьрга шен белхаш байтархьама. Уьш я паччахьан тІемалой, я тІеман хьаькамаш, я тІеман коьрта хьаькамаш, я гІудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш болу баьччанаш бара. Сулим-паччахьна белхаш беш болчарна тІехь урхалла дан дІахІоттийна ши бІе шовзткъе итт стаг хилла. Ткъа пирІунан йоІ, Даудан гІалара дІа а яьккхина, цунна ша динчу цІа чу яьккхира Сулима. ХІунда аьлча Сулима бохура: «Исраилхойн паччахьан Даудан цІа чохь сан зудчун соьца Іан йиш яц, Везачу Элан тІорказ чу диллина мел хилла йолу меттиг язйина йолу дела». Везачу Элан цІенна хьалха сагІа даккха ша дІахІоттийначу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дохура Сулима. Сулима дийнаташ дагоран сагІанаш дохура, Муса-пайхамаран хьехамаша ма-бохху, шоьтан деношна а, бутт болалуш долчу деношна а, шеран кхаа дезачу денна а: совсазчу баьпкан дезачу денна а, ШавуІот цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу денна а, кхалорийн дезачу денна а. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда. Динан дайх а, левихойх а лаьцна паччахьо тІедиллинчу цхьанна а хІуманна тІехь а, хазнашна дола дарна тІехь а дерриг а, ма-бохху, кхочушдора цара. Сулим-паччахьан берриге а белхаш – Везачу Элан цІийнан бух боьттичхьана дуьйна иза дина чекхдаллалц – кхочушхилира. Иштта дина чекхдаьккхира Везачу Элан цІа. ТІаккха Іецйон-ГІебаррий, Элаттий гІаланашка вахара Сулим. И гІаланаш хІордан йистерачу эдомхойн махкахь яра. Шен ялхошкахула хІордкеманаш а, хІордах лаьцна дерг дика хууш болу кемалелорхой а хьажийра Хьирама цига. Цара, Сулиман ялхошца цхьаьна Апар-махка а бахана, исс бІе пунт деши а даьккхина, иза Сулим-паччахь волчу схьадеара. Сулим-паччахь шен дарже веанчу доьалгІачу шарахь Зив олучу шеран шолгІачу баттахь бух ботта болийнера Везачу Элан цІенна. Ткъа цхьайтталгІачу шеран Була олучу баттахь (иза шеран борхІалгІа бутт бу) Везачу Элан цІа дина чекхделира. Ша хила деззачу куьцехь дина дІахІоттийра иза. И цІа Сулим-паччахьо ворхІ шарахь дира. Шена а цІа дайтира Сулим-паччахьо. Иза кхойтта шарахь дина чекхдаккхийтира цо.
Выбор основного перевода