Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан ЦІа а, паччахьан цІа а. Везачу Элан ЦІенна тІехь а, шен цІенна тІехь а ша дан дагалаьцнарг дерриге а хила ма-дезза кхочушдира Сулим-паччахьо. ТІаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хІоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доІа хезира. ХІинца Аса Сайна къастайо хІара меттиг, хІокхунах сагІа доккху цІа хилийтархьама. Нагахь Аса, стигал дІа а къевлина, догІа ца даийтича а, я цІоз тІе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хІаллак а деш, цамгар яржийча а, Сан долахь долу халкъ Суна муьтІахь хилла, доІанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тІера дІа а далахь, тІаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас. ХІинца дуьйна Сан бІаьргаш а дІадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доІанашна. ХІинца дуьйна Ас даздина хІара ЦІа, Сайн цІе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бІаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь. Нагахь хьо, хьайн да Дауд-паччахь ма-леллара, Суна хьалха лелахь, Аса хьайна тІедиллинарг ахь кхочушдахь, Сан хьехамаш а, бакъонаш а ларъеш хьо лелахь, Ас чІагІдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чІагІо еш ма-аллара: „Хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тІера дІа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гІуллакх деш, царна корта беттахь, тІаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тІера Исраилан халкъ орамашца дІадоккхур ду Ас. Ткъа хІара Сайн цІе язъян Айса къобалдина ЦІа Сайна дуьхьалара дІадоккхур ду. ТІаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цІе йохуьйтур ю Ас хІокху Сайн цІийнан. Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ Юха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шаьш арабаьхна волу Веза Эла, шайн дайн Дела, дІа а тесна, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан буьйлабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». Шена а цІа дайтира Сулим-паччахьо. Иза кхойтта шарахь дина чекхдаккхийтира цо. Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа а, шен паччахьан цІа а дечу юкъана ткъа шо дІаделира. Иштта, юхаметтахІоттийра цо БаІалт-гІала а, шен долахь йолу тІаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гІаланаш а, говраш южу гІудалкхаш латтош йолу гІаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гІаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гІалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тІехь шена ян лиъна йолу массо а хІума йина дІахІоттийра Сулим-паччахьо.
Выбор основного перевода