Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала гІайгІа еш долчу оцу лаьтта тІехь даим бу шун Везачу Делан бІаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц. „Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Амма хІинца Дауд-паччахь хаьржина Ас Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта!“ Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. «Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхІуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доІа а хези, хьан бІаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгІачу дийнахь Везачу Элан цІийне гІур ву хьо.
Выбор основного перевода