Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тІера дІа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гІуллакх деш, царна корта беттахь, тІаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тІера Исраилан халкъ орамашца дІадоккхур ду Ас. Ткъа хІара Сайн цІе язъян Айса къобалдина ЦІа Сайна дуьхьалара дІадоккхур ду. ТІаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цІе йохуьйтур ю Ас хІокху Сайн цІийнан. Цуьнан тІаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гІант а. Нагахь цуьнан тІаьхьено товрат-хьехам битахь, я уьш Аса тІедехкинаршца ца лелахь,
Выбор основного перевода