Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу стоьла тІехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде». Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. ТІехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо. Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тІе а дашо сара лецира цо. Йиъ дашо чІуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дІачІагІйира цо. Стол дІасалело хьокхий чекхдоху чІагарш стоьлан гурана уллохь йинера. Стол дІасалело хьокхий акацих дина дара, тІехула деши а лоцуш. Цул тІаьхьа стоьла тІе хІитто пхьегІаш цІеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагІаран сагІанаш доттархьама. Акацин дечигах хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бира. Иза беакІов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьІІехь маІаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш. Массо а агІор а, тІехула а, маІашна тІехь а цІена деши а лаьцна, гонах дашо сара а лецира цунна. Серана кІелахь шина а агІор деших ши чІуг йира, шайна чухула хьокхий а даьхна, кхерч дІабахьа. Хьокхий акацих дира, тІехула деши а лоцуш. Къобалваран деза даьтта а, хаза хьожа йогІу цІена хІума а кечйира, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна. «КІен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хІора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. Везачу Элана хьалха гонах цІена деши лаьцначу стоьла тІе шина могІарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. ХІора могІарехь хаза хьожа йогІу сегІаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цІера тІехь доккхучу сагІина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ХІора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу.
Выбор основного перевода