Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьаз-паччахьо чкъургаш тІехь йолчу кІелхІотторгашна тІера деакІов пенаш а, еш а дІадехира. Иштта боккха цІестан яй а дІабаьккхира, цІестан стерчашна тІера иза тІулган цІенкъа охьа а буьллуш. Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гІалара ара а ваьлла, Тапсахь-гІалина тІелетира. ГІалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тІелетира иза, хІунда аьлча цара гІалин кевнаш дІа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хІаллакьяйтира цо.
Выбор основного перевода