Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта ши бІогІам а буьйгІира Хьирама, царна гонах таьжнийн ши го а бира. ТІаккха оцу таьжнийн суьрташ тІедехкина долчу бІогІамийн боххьехь бойнан ши сурт диллира цо. Цхьана бІогІаман лакхалла берхІитта дол яра. Цу бІогІам тІехь цІестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тІехь цІастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бІогІамна тІехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а. ХІадад-Іезаран олаллехь хиллачу ТІивхьат-гІалара а, Кун-гІалара а цо дукха ез схьадаьккхира. (ТІаьхьо цунах Сулим-паччахьо боккха цІестан яй а, бІогІамаш а, пхьегІаш а Делан цІенна яйтира.) Везачу Элан цІенна хьалха цІестан ши бІогІам дІахІоттабайтира паччахьо. ХІора бІогІаман лакхалла ткъе пхийтта дол яра. Оцу бІогІаман буьххье дилла цІастанах ши таж доьттира. Церан хІораннан а лакхалла пхиппа дол яра. ши бІогІам а, царна гонах таьжнийн ши го а, оцу таьжнийн суьрташ тІедехкина долчу бІогІамийн боххьехь бойнан ши сурт а. ХІора бІогІам берхІитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бІогІамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пІелг шуьйра дара. Хьалхарчу бІогІамна тІехь цІастанах дина таж дара, пхиъ дол лекха а долуш. Цу тІехь цІастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бІогІамна тІехь а дара иштта дина цІестан наран стоьмаш. Массо а агІор безткъе ялхитта наран стом бара, ткъа таж тІехь уьш бІе бара.
Выбор основного перевода