Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хІума ян похІма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цІастанах а дан а, дезачу тІулгах а, дечигах а хІуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а. Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хІума ян похІма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала. Иза Данан тІаьхьенах йолчу зудчун кІант ву. Цуьнан да цорахо ву. Деших а, детих а, цІастанах а, эчигах а, тІулгах а, дечигах а, таьІна цІечу а, цІарула-цІечу а, сийначу а басахь долчу тех а, дуткъачу кІадих а хІуманаш ян а, хадорца хІуманашна тайп-тайпана куьцаш дан говзалла а ю цуьнан. Шега делла муьлхха а суртдаран гІуллакх кхочушдан тарлур ду цунна. Шена тІедиллинарг дерриг а кхочушдийр ду цо хьан а, сан олахо волчу хьан ден Даудан а говзанчашца цхьаьна. тесаш, белаш, мІерий, церан массо а кхиболу гІирс а бира цо. Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхІус Везачу Элан цІенна мел йина хІума а заьнгала динчу цІастанах йинера.
Выбор основного перевода