Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неІаршна оьшун долу хьостамий а, цу неІарийн кІажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цІаста а кечдира.
Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цІенна ши бІе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цІаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тІулг а кечбина аса, ткъа ахьа тІеоьшург кечъе.