Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лалийначу цІастанах боккха яй байтира цо. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кІорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. ЦІастанах дина стерчий а дара гобаьккхина цу ен кІел, цуьнца цхьаьнадоьттина. Уьш шина моггІара дехкинера, церан лакхалла итт дол яра. И яй цІастанах бинчу шийтта старана тІехь лаьтташ бара. Царах кхоъ къилбаседехьа, кхоъ малхбузехьа, кхоъ къилбехьа, кхоъ малхбалехьа берзийна бара. Ткъа церан тІехьенаш ена кІел, юккъехьа, ерзийна яра. Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дІаделладеллачу петІамат-зезаган куьцехь йинера. Цу чу кхузткъе итт эзар чами хиллал хи доьдура. Ахьаз-паччахьо чкъургаш тІехь йолчу кІелхІотторгашна тІера деакІов пенаш а, еш а дІадехира. Иштта боккха цІестан яй а дІабаьккхира, цІестан стерчашна тІера иза тІулган цІенкъа охьа а буьллуш. Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. ХІадад-Іезаран олаллехь хиллачу ТІивхьат-гІалара а, Кун-гІалара а цо дукха ез схьадаьккхира. (ТІаьхьо цунах Сулим-паччахьо боккха цІестан яй а, бІогІамаш а, пхьегІаш а Делан цІенна яйтира.) Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира.
Выбор основного перевода