Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана цхьа бІе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Сулим-паччахьан хьеший тІеоьцуш лелош йолу пхьегІаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолчу цІенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хІуманаш а ерриг а цІеначу деших йина яра. Детих йина хІумма а яцара, хІунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чІогІа лахара бара. ТІаккха Везачу Эло ЯхІудан къомера лардар дІадаьккхира. Оцу дийнахь шу хьоьжуш дара Ливанун-мехкан хьун цІе йолчу паччахьан цІа чохь Іалашдеш долчу герзашка.
Выбор основного перевода