Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІийнан тІехьа агІор, йистера ткъа дол барамехь дІахилош, оганаш а хІиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра. Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь. И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цІеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагІа доккхучу кхерчана а деши диллира. Иштта дерриг цІа а, чохь цІена деши а диллина, дІахІоттийра. Уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха зІенаш ехкира, царна тІе а деши диллира. Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неІарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара. Цо Делан цІийнан пен буьстича, иза ялх дол хилира, ткъа цу цІийнан агІонашкахь йолу чоьнаш юьстича, церан шоралла диъ дол хилира. Делан цІенна тІехоьттина кхаа гІота тІехь агІонгара чоьнаш ткъе итт-итт яра. Делан цІенна гонах долчу оганна тІехь терхеш яра, агІонийн чоьнийн тІеш царна тІедахкархьама, и тІеш Делан цІийнан оганашна чу а ца диссош.
Выбор основного перевода