Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулима деш долчу Делан цІийнан бух иштта бара: бахалла – кхузткъа дол (ширачу дустарехь), шоралла – ткъа дол. ЦІийнан шораллехь цунна хьалха йина уче яра, ткъа дол шуьйра а, бІе ткъа дол лекха а йолуш. И уче чухула цІена деши диллина йинера. Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа ткъе пхоьалгІачу шеран хьалхарчу беттан уьтталгІачу дийнахь, бавелхоша Ярушалайм йохийна дейтта шо кхочуш – оццу дийнахь Суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира, ткъа Цо со оцу гІала дІаваьхьира. Дала хІиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тІе дІахІоттийра. Ткъа цу лам тІехь къилбехьа йолчу агІонгахь гІала йолуш санна цхьа гІишлош хеталора. Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цІаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дІа а хІоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хІума юстуш йолу вēтанан тІийраг а, иштта хІума юстуш йолу гІаж а яра. Цу стага соьга элира: «Адаман кІант, хьайн бІаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догІа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хІуманна тІе а дерзаде, хІунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дІадийца». Суна Делан цІийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хІума юстуш йолу гІаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хІора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гІожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра.
Выбор основного перевода