Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахе Суна цІа дайта, тІаккха Со царна юкъахь Іийр ву. ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Оцу озо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара меттиг Сан Іаршан меттиг а, иштта Сан когийн кІело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хІара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цІе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Іамал ярца а, шайн сагІа доккхучу гунашна тІехь шайн паччахьийн декъий дІадохкарца а. Стигаларчу Іаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХІинца Дела Іаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Іийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Іийр ву.
Выбор основного перевода