Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. ТІаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тІаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“». Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“.
Выбор основного перевода