Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Туьйсинчу деших негІарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негІарна тІехь шина агІор хила деза. Туьйсинчу деших негІарна тІехь шина агІор каруб-маликаш дира Бацалиала. Цхьа каруб-малик цхьана агІор, важа вукху агІор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хІума а долуш, негІарца цхьаьна. Хьалаайинчу тІемашца негІар дІа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негІарна тІедирзина дара и каруб-маликаш. Везачу Элан цІийнан уггаре а дезачу цІа чохь шина каруб-маликан сурт дайтира Сулима, царна тІе деши а дуьллуьйтуш. Каруб-маликийн беа тІоман йохалла ткъа дол яра. Цхьана каруб-маликан пхи дол хиллал беха болу тІам пенах хьакхалора, ткъа оццул беха болу важа тІам вукху каруб-маликан тІомах хьакхалора. Оццу барамехь болу шолгІачу каруб-маликан цхьа тІам а пенах хьакхалора, ткъа церан чухула долу тІемаш цІенна юккъехь вовшахкхетара. Оцу каруб-маликийн беа тІоман йохалла ткъа дол яра. Уьш шайн когаш тІехь лаьттара. Церан яххьаш Везачу Элан цІийнан йоккхачу хьалхарчу чоьнна тІе ерзийна яра.
Выбор основного перевода