Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьабан Шамран-гІалахь кхузткъе итт кІант вара. ЯхІус, кехаташ а яздина, Шамран-гІалахь болчу израІалхойн хьаькамашка а, къаношка а, Ахьабан берийн Іуналла а деш, царна тІехьожуш болчаьрга а дІасадахьийтира уьш. Церан чулацам иштта бара: Хьалхарчу беттан кхойтталгІачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХІаманан омранаш дІаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хІора меттиган куьйгалхошка а, хІора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цІарах яздина дара, цуьнан мухІарца чІагІдина а дара. Амма паччахьан цІарах яз а дина, цуьнан мухІарца чІагІдина долу кехат цхьаннан а дІадаккха бакъо яц. ХІинца аша, шайна бакъахьа хетарг тІе а яздай, паччахьан цІарах кехат кечде, иза паччахьан мухІарца чІагІ а де». Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цІарах дІаяздайтира, паччахьан мухІарца чІагІ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дІасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла).
Выбор основного перевода