Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Изабалах лаьцна аьлча, ИзраІална уллохь долчу цхьана кха тІехь жІаьлеша юур ю иза, цхьаммо а иза дІаюллур а яц“». ТІаккха, неІ дІа а йиллина, къонах дІаведира. ЯхІу ИзраІал-гІала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бІаьргашна тІе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра. ЯхІу кевнах чоьхьаваьлча, Изабала элира: «Хьо машарца вогІий те, хьайн паччахь вийна волу Зимари?» Шен юьхь корехьа а ерзийна, ЯхІус хаьттира: «Мила ву кхузахь, соьгахьа верг?» – аьлла. Корах арахьаьжира паччахьан цІийнара ши-кхо ялхо. ЯхІус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тІе а, говраш тІе а деттаделира цуьнан цІийн тІадамаш. Изабалан дегІа тІехула шен гІудалкх яьккхира ЯхІус. Чу а веана, ша хІума йиъна а, мелла а ваьлча, цо элира: «Шена тІехь неІалт долу иза, схьа а лахий, дІайолла, хІунда аьлча иза паччахьан йоІ ю». Нах иза дІайолла бахара, амма цунах йисина коьртан туьта, когийн а, куьйгийн а даьІахкаш йоцург, хІумма а ца карийра царна. Юха а баьхкина, цара хаам бира. ЯхІус элира: «Иштта дара Везачу Элан дош, Шен ялхочун тишабхо волчу Эли-ЯхІугахула Цо аьлла долу: „ИзраІалхойн аренгахь Изабалан дилха жІаьлеша дуур ду. Изабалан дакъа, кхо санна, израІалхойн декъа тІехь Іуьллур ду. ТІаккха цхьаммо а эр дац: ‘Изабал ю иза’“».
Выбор основного перевода