Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
БаІшас, ша паччахь дІа-ма-хІоьттина, ЯрбаІаман берриг а доьзал хІаллакбира. ЯрбаІаман цІийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхІугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хІаллакбира цо. ХІинца Аса дІавоккхур ву хьо а, цуьнан цІийнах мел верг а. НабатІан кІентан ЯрбаІаман цІенна диннарг дийр ду Аса хьан цІенна а. Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаІшин дерриг а цІа хІаллакдира. БаІшин цІийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагІашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис.
Выбор основного перевода