Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла а ма ле, халкъана тІехь хІиттийначу хьаькамашна неІалт а ма кхайкхаде. ДІаала исраилхошка: „Шен Далла луьйш верг бехке а хир ву, ткъа цо жоп дала а деза. Везачу Элан цІе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тІе тІулгаш кхисса деза. ТІевеана стаг я махкахо Везачу Элан цІе емалъеш велахь, иза вен веза. Нагахь санна муьлхха а къа латорна тІехь я зулам дарна тІехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац НеІалташ а кхайкхош, ШамаІис бохура: «ДІавала, дІагІо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! ТІаккха цара къайлаха нах кечбира дІахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Іеса къамел деш хезира тхуна», – аьлла. ПахІала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тІехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла».
Выбор основного перевода