Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йиъ тІаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тІе юхадогІур ду, хІунда аьлча кхузахь Іаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хІинца а». Ур-атталла уьш тІехь Іаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таІзар до оцу лаьттана, цо шена тІера и нах дІаІеттор бу. Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчо а и дегаза хІуманаш ма леладе. (Шул хьалха оцу лаьтта тІехь баьхначу наха лелийна и дегаза гІуллакхаш, цара бехдина и латта.) Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тІера дІаІеттор ду шу, шул хьалха цигахь Іийна халкъаш санна. Нагахь цхьаммо и дегаза гІуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву. Аса тІедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гІиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“». Цара цІу-деланашна Іибадат дора, ткъа Везачу Эло исраилхошка аьллера: «Иза ма леладелаш». «ЯхІудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цІушца яхІудхошка къинош летадайтира цо. Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хІаллаквина. Ас церан лакха тІера стом а, лахара орам а хІаллакбина. Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама.
Выбор основного перевода