Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тІера бедарш этІа а яй, шаьш гІайгІане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дІахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тІаьхьахІоьттина воьдуш вара. Дауд, и бер Деле доьхуш, доІа деш вара. Цо марха лаьцнера. Шен цІа чохь ша а висна, лаьтта охьа а вижна, буьйса яьккхира Дауда. Шена и дешнаш дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедар этІийра. Иза шуьйра а, нийса а болчу пенна тІехула чекхволуш, нахана цуьнан дегІа тІера сингаттаман бедар гира. Нунавара паччахье а кхечира гІаланах лаьцна беш болу хаам. ТІаккха и паччахь, шен гІанта тІера хьала а гІаьттина, шен паччахьан духар дІа а даьккхина, кхин, вон тІедеача юхуш йолу, бедарш тІе а юьйхина, чим тІе охьахиира.
Выбор основного перевода