Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іумарин кІант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тІехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дарна тІехь. НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь.
Выбор основного перевода