Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тІаме ваханера. ТІаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тІе стаг валийра. Цо элира: „ХІара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дІаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“. Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тІеман гІудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тІом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. ЯхІушапти шайна гича, гІудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тІебуьйлабелира, тІелата дагахь. ЯхІушаптис мохь хьаькхча, иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гІудалкхийн хьаькамаш цунна тІаьхьабевллачуьра севцира. Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тІехь долчу гІаьгІнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гІудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тІом бечу меттера дІаваккха со – суна чов йина». Амма цу дийнахь тІом чІагІбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гІудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цІий гІудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира. Малх дІабузучу хенахь эскаран дакъошкахула дІахьедар дІасадаьржира: «ХІора а шен-шен гІала, шен-шен махка дІагІо!» – аьлла. Иштта велира Ахьаб-паччахь. Цуьнан дакъа Шамран-гІала деара, цигахь иза дІавоьллира.
Выбор основного перевода