Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Бен-Хьадида иштта боху: „Хьан дети, деши – сан ду, хьан зударий, хьан тоьлла болу кІентий – сан бу“». Исраилхойн паччахьо цунна жоп делира: «Ахьа ма-бохху хуьлийла иза, сан олахо волу паччахь. Со а, сан мел дерг а – хьан ду». Юха а баьхкира геланчаш. Цара элира: «Бен-Хьадида иштта боху: „Аса хьо волчу геланчаш хьажийра, хьоьга дІаала аьлла: ‘Хьайн дети а, деши а, хьайн зударий а, кІентий а суна схьало’. Делахь а, аса кхана, хІоккху хенахь, сайн ялхой хьажор бу хьуна тІе. Цара хьан цІахь а, хьуна гІуллакх деш болчеран цІахь а, хІун ю а хьаьжна, хьуна еза мел хетарг схьа а эцна, суна схьаяхьар ю“».
Выбор основного перевода