Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шо даьлча, паччахьаш тІамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Іамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гІалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тІе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дІалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дІахаийтархьама“». ТІедеанчу шеран бІаьсте тІееача, Бен-Хьадида, арамхой а гулбина, уьш Апакх-гІала бигира, цигахь исраилхошца тІом бархьама.
Выбор основного перевода