Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дІаделира Аса-паччахьо. ТІаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дІадахьийтира цо Хьезиюнан кІентан ТІабримунан кІант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гІалахь Іаш волу Арам-мехкан паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира: Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгІира Бен-Хьадида. Цо шен тІеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гІаланашна тІелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Іаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаІак а гІаланашна а, берриг Наптал-махкана а тІехь, шена чу Канарот-мохк а богІуш. Іумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тІехь гІала йира Іумарис. Цунах Шамран-гІала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цІарах. Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тІеман гІудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тІом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. И дерриг хиллачул тІаьхьа арамхойн паччахьо Бен-Хьадида, шен дерриг а эскар схьагулдира. ТІаккха, Шамран-гІалина тІе а вахана, цунна го бира цо. Цу хенахь йоккха мацалла хІоьттира оцу гІалахь. Ур-атталла виран коьртах а дато дезткъа ахча доьхура, ткъа кхокхийн боьхаллин цхьана кедах дато пхи ахча доьхура. Цхьана дийнахь исраилхойн паччахь гІалин шуьйра а, нийса а болчу пенна тІехула лелаш вара. Ткъа цхьана зудчо, чІогІа елха а йоьлхуш, бохура: «Сан паччахь, гІо дехьа суна». Паччахьо жоп делира цунна: «Везачу Эло а хьуна гІо ца дича, аса хІун гІо дийр ду хьуна? Сан хьуна яла хІумма а яц. Я кІа а, я чагІар а дуй ткъа соьгахь?» ТІаккха паччахьо хаьттира оцу зудчуьнга: «Хьуна хІун лаьа?» Зудчо дийцира паччахье: «ХІокху зудчо соьга элира: „Ахьа хьайн кІант схьало, иза тахана вуур ву вай, ткъа сайниг кхана вуур ву“. Оха, сан кІант кхехка а вина, виира. ШолгІачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кІант, хІинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кІант дІалачкъийна!» Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаІ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гІала веана аьлла хаам паччахьна тІе кхаьчча,
Выбор основного перевода