Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тІе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дІалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дІахаийтархьама“». Бен-Хьадиде цуьнан ялхоша элира: «Исраилхойн деланаш лаьмнашца йолчу меттиган деланаш бу, цундела баьккхина цара и толам. Нагахь тІом шерачу меттехь бахь, вай тоьлур ду.
Выбор основного перевода