Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча Везачу Элан дош ду соьга: „Эццахь бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь, хьо дІаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“», – аьлла. Пайхамаро элира: «Со а ву хьо санна пайхамар. Везачу Элан омрица цхьана малико соьга аьлла: „Хьайн цІа юхаверзаве иза. Цуьнга бепиг а даийта, хи а малийта“». Амма пайхамаро аьлларг харцдерг дара. Бетал-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?» ЭлишаІа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца». Эли-ЯхІус юха а элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча Везачу Эло со Ерихон-гІала хьажийна». ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Ерихон-гІала дІавахара. Ерихон-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?» «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца», – жоп делира ЭлишаІа. Эли-ЯхІус юха а дийхира ЭлишаІе: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча Везачу Эло со Йордан-хи долчу хьажийна». ЭлишаІа элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо аса, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ дІаволавелира. Пайхамарийн тобанах волу шовзткъе итт стаг, царна тІаьхьа а ваьлла, геннахь дІахІоьттира. Ткъа Эли-ЯхІу а, ЭлишаІ а, Йордан-хина тІе а кхаьчна, цигахь дІахІоьттира. Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаІе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХІинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кІант дІавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь». Махкахь мацалла хІоьттича, ЭлишаІ Галгале юхавирзира. Пайхамарийн тобанна хьехам бечу хенахь, шен ялхочуьнга ЭлишаІа элира: «Боккха яй тІе а биллий, яа хІума кечъе пайхамарийн тобанна».
Выбор основного перевода