Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суьйренан сагІа доккхучу хенахь Эли-ЯхІу-пайхамар сагІа доккхучу меттигна улло веара. Цо доІа дира: «ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дІахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а! Делан стага, Исраилхойн паччахьна тІе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со – лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дІалур ю. ТІаккха хуур ду шуна Со – Веза Эла вуйла“». Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода