Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран, уьстагІий дажош вара Муса. Цкъа уьстагІий дажош, генна яьссачу арахула дІавахна, Хьариб цІе йолчу Делан лам тІе кхечира иза. Туьйсинчу деших негІарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негІарна тІехь шина агІор хила деза. Везачу Эло шуьца бина барт тІеязбина йолу тІулган экъанаш схьаэца со лам тІе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш. Везачу Эло Шен куьйга йоза тІеяздина йолу тІулган ши экъа елира соьга. Оцу экъанаш тІехь яздина дара Везачу Эло гулам болчу дийнахь богучу ломан цІерана юккъера шуьга схьа мел аьлла дешнаш. Шовзткъа де-буьйса дІадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тІулган ши экъа, бартбаран экъанаш. «Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгІаз а вахийтина аша. Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дІадаьлча, Иза чІогІа мацвелла хьаьвзира. Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Іийсас. Акхарошна юкъахь Іаш вара Иза, маликаша Цунна гІуллакх а деш.
Выбор основного перевода