Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара дІавахача, Шаптин кІант ЭлишаІ латта охуш карийра Эли-ЯхІуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгІачу шуьстана уллохь вогІуш вара иза. Ша ЭлишаІана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхІус шен тІехулара бедар цунна тІе кхоьссира. Шен стерчий а дитина, ЭлишаІа, ведда Эли-ЯхІуна тІе а веана, элира: «Сайн дега а, нене а Іодика а йина, схьаваийтахьа со, тІаккха со хьоьца дІавогІур вара». Эли-ЯхІус элира: «Дика ду, вало, юхаверза. Аса хьо сеца ма ца во!» Эли-ЯхІу волчуьра дІа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цІе латийра цо, цу тІехь стерчийн жижиг даттархьама. ТІаккха и жижиг нахана дІасадийкъира ЭлишаІа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаІ, Эли-ЯхІуна тІаьхьа а хІоьттина, цунна гІуллакх а деш, цуьнца вахара. Уьш хих дехьабевлча, Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «Хьуна уллора со Дала стигала хьалаваккхале, аса хьайна дан луург деха соьга». ЭлишаІа элира: «Хьоьца долу са, сайца шозза сов хила лаьара суна». Ерихон-гІаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогІу ЭлишаІ. Цара элира: «Эли-ЯхІун са ЭлишаІана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьІира. ЭлишаІ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, хІара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалІад-махкарчу Рамат-гІала дІагІо. Хьо цига дІакхаьчча, Нимшайн кІентан ЯхІушаптин кІант ЯхІу схьа а къаставой, цунна тІе а гІой, цуьнга шен накъосташна юкъара схьавола а алий, иза ша чухуларчу цІа чу ваккха. ТІаккха, хьайгара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, и даьтта цуьнан коьрта тІе а доттий, цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь хила къобалво Аса’. Цул тІаьхьа, неІ дІа а еллий, дІавада, сеца а ца соьцуш“». Къона пайхамар ГалІад-махкарчу Рамат-гІала вахара. Иза цига дІакхаьчча, охьахевшина болу тІеман хьаькамаш гира цунна. Къонахчо элира: «ТІеман хьаькам, хьоьга ала цхьа дош ду сан». ЯхІус хаьттира: «Тхох муьлхачуьнга ду хьан дош?» «Хьоьга ду, тІеман хьаькам», – аьлла, жоп делира къонахчо. Иза, хьала а гІаьттина, цІа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тІе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тІехь.
Выбор основного перевода