Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дІа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таІзар дойла суна, Іожалло бен со хьох къастор яц». Бен-Хьадида юха а шен геланчаш бахийтира Ахьаб-паччахьна тІе. Цара дІаэлира цо бохург: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таІзар дойла суна, нагахь санна, Шамран-гІала дІа а яьккхина, цунах йинчу ченах сан эскархошна цхьацца кан кхачийтахь». «Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, нагахь Шаптин кІант волчу ЭлишаІан корта тахана цуьнан белшаш тІехь бисахь!» – элира паччахьо.
Выбор основного перевода