Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа. Нимшайн кІант волчу ЯхІушаптин кІанта ЯхІус Йорам-паччахьна дуьхьал барт бира. (Массо а исраилхошца Йорам-паччахьо ГалІад-махкара Рамат-гІала ларйинера арамхойн паччахь волчу Хьазиалах. Ткъа Йорам-паччахь ша-м ИзраІал-гІала юхавирзинера, арамхоша шена йинчу чевнашна дарбанаш леладайта. И чевнаш Йорамна хиллера, цо арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь.) ЯхІус элира: «Нагахь шу реза делахь, ИзраІал-гІала хаам эцна ца вахийтархьама, цхьа а гІалара ара ма валийта». ЯхІу, гІудалкх тІе а хІоьттина, ИзраІал-гІала вахара, хІунда аьлча Йорам цигахь хІинца а цомгуш волуш Іуьллуш вара. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа. ИзраІал-гІалин бІов тІехь лаьтташ гІарол вара. Цунна ЯхІуца йогІу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогІу цхьа арданг го суна», – аьлла. Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догІий шу?“» ТІаккха цхьа бере, дин тІе а хиъна, ЯхІуна дуьхьалвахара. Цо элира: «Паччахьо хоьтту: „Машарца вогІий те хьо“?» ЯхІус жоп делира: «Хьуна хІун ду иза? Суна тІаьхьахІотта хьо». ГІароло хаам бира: «Бере царна тІекхечи, амма юхавоьрзуш вац», – аьлла. ТІаккха кхин а цхьа бере вахийтира. Беречо, царна тІе а вахана, элира: «Паччахьо хоьтту: „Шу машарца догІий те?“» ЯхІус жоп делира: «Хьуна хІун ду иза? Суна тІаьхьахІотта хьо». ГІароло хаам бира: «Иза а царна тІекхечи, амма юхавоьрзуш вац. Ткъа тхуна дуьхьал лаьтташ волчун болар Нимшайн кІентан ЯхІун боларх тера ду, хІунда аьлча цо хьераваьллачо санна лелайо гІудалкх». Йорама элира: «ГІудалкх дІайожа!» Цуьнан гІудалкх дІаюьйжира. ТІаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а шайн гІудалкхаш тІехь ЯхІуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхІуна дуьхьалвахара, израІалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ. Йорама, шена ЯхІу гича, хаьттира: «ЯхІу, машарца вогІий те хьо?» «Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цІушна Іибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хІинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхІус. Куьйгашца гІудалкх юха а ерзош, говраш дІа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхІу! Вайна ямартло йина!» Ткъа ЯхІус, шен куьйга Іад а дуьйлина, Йораман белшашна юккъе пха туьйхира. И пха Йораман дагах кхийтира. Иза шен гІудалкх чу охьавуьйжира. Шен гІудалкх лелош волчу Бадекъаре ЯхІус элира: «Схьа а эций, израІалхочун Набутин лаьттан декъа тІе охьакхосса иза. Дагабаийтал хьайна, гІудалкхана тІехь вайшиъ цуьнан дена Ахьабана тІаьхьахІоьттина вогІучу хенахь, Везачу Эло цунах лаьцна бина хаам: „Билггал Набутин а, цуьнан кІентийн а цІий гинера Суна селхана, – боху Везачу Эло. – Аса бекхам бийр бу хьуна кху аренна тІехь“. Цундела, схьа а эций, Везачу Эло ма-аллара, аренна тІехь охьакхосса иза». Хилларг а гина, яхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу Байт-ХІаган-гІалина тІебоьдучу новкъа тІехула дІаиккхира. ЯхІус, гІудалкх цунна тІаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дІаваккха шен гІудалкхана тІехь». ИбалІам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхІус шен гІудалкх лаьллича, цунна чов йира цара. Ахьаз-ЯхІу, МагІидда-гІала дІа а кхаьчна, цигахь велира. Цуьнан тІеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дІабоьхкинчу Даудан гІалахь дІавоьллира. Ахьаз-ЯхІу яхІудхойн паччахь дІахІоьттинера, Ахьабан кІанта Йорама паччахьалла до цхьайтталгІа шо долуш. ЯхІу ИзраІал-гІала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бІаьргашна тІе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра. ЯхІу кевнах чоьхьаваьлча, Изабала элира: «Хьо машарца вогІий те, хьайн паччахь вийна волу Зимари?» Шен юьхь корехьа а ерзийна, ЯхІус хаьттира: «Мила ву кхузахь, соьгахьа верг?» – аьлла. Корах арахьаьжира паччахьан цІийнара ши-кхо ялхо. ЯхІус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тІе а, говраш тІе а деттаделира цуьнан цІийн тІадамаш. Изабалан дегІа тІехула шен гІудалкх яьккхира ЯхІус. Иштта ИзраІал-гІалахь Ахьабан цІийнах дийна бисинарш а, цуьнан хьалхара болу хьоладай а, доттагІий а, динан дай а хІаллакбира ЯхІус. Цуьнан тІаьхьенах цхьа а дийна ца висира. ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Исраилан халкъана. Арамхойн паччахь волчу Хьазиалан а, цуьнан кІентан Бен-Хьадидан а караделира Везачу Эло и халкъ дуккха а ханна. Арамхойн паччахьо Хьазиала Исраилан халкъана ницкъ бора ЯхІу-Ахьаз паччахьаллехь лаьттинчу массо а хенахь.
Выбор основного перевода