Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дІаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хІаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а. Цуьнга а, цуьнан ерриге тІаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хІунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дІа а дохуьйтуш». Изабала Везачу Элан пайхамараш хІаллакбечу хенахь, Іабди-ЯхІус цхьа бІе пайхамар схьагулвира. ТІаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Іабди-ЯхІус юург а, мала хи а латтадора царна.) Эли-ЯхІу-пайхамаро халкъе элира: «Везачу Элан пайхамарех со цхьаъ висна, ткъа БаІалан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар ву. ТІаккха Эли-ЯхІус дерриг а халкъе элира: «Суна тІехила». Дерриг халкъ цунна тІехилира. Везачу Элана сагІа доккхуш хилла йолу меттиг йохийначуьра меттахІотто волавелира Эли-ЯхІу. Аша олу: „Тхо тхешан ворхІе а да Іийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цІий Іанор дацара“. Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тІаьхьенах хилар чІагІ а деш. Шайн дайша лелийнарг кхин а тІехдаккха! Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна. «Веза Эла! Хьан пайхамарш хІаллакбина, Хьан сагІа доккху кхерчаш бохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара».
Выбор основного перевода