Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа. Хьазиала элира: «Хьан лай волу со, жІаьла, мила вара оццул доккха долу гІуллакх кхочушдаллал?» ТІаккха ЭлишаІа элира: «Везачу Эло дІадиллина суна арамхойн паччахь хила хьо билгалваьккхина хилар». ЭлишаІ волчуьра дІа а вахана, шен паччахь волчу веара Хьазиал. Паччахьо хаьттира: «ХІун элира хьоьга ЭлишаІа?» «Цо соьга элира, хьо толур ву», – аьлла, жоп делира Хьазиала. ШолгІачу дийнахь Хьазиала, стомма юргІа схьа а эцна, иза, хи чохь даша а дина, паччахьан юьхь тІе тесира, ткъа важа велира. Цуьнан метта Хьазиал, паччахь а хилла, дІахІоьттира.
Выбор основного перевода