Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІарон а, цуьнан кІентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гІуллакх цаьрга лардайтархьама. И гІуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гІортахь, иза вуьйр ву». ХІунда аьлча билггал кхочуш хир ду оцу стага, шена Везачу Эло тІе-ма-диллара, Бетал-гІаларчу сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал а, Шамран-махкарчу гІаланашкахь болчу гунашкахь лаьттачу харцделанийн цІеношна дуьхьал а аьлларг». И хІума хиллачул тІаьхьа а шен харцнекъаш тІера дІа ца велира ЯрбаІам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагІа доккхучу гунийн динан дай дІахІиттабора цо. Шена дІахІитто мел лиънарш ЯрбаІама къобалбора сагІа доккхучу гунашна тІехь динан дайша санна гІуллакхдарна. Цу тІе Везачу Элана а Іамал йора цара. СагІа доккхучу гунаш тІе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гІуллакх деш бара гунаш тІехь долчу харцделанийн цІенош чохь. Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхІуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хІунда аьлча ЯрбаІама а, цуьнан кІенташа а Везачу Элана гІуллакх деш болчуьра дІабаьхнера уьш. СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цІушна Іамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаІама. Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхІаронан тІаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дІа а хІиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дІахІиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхІ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дІахІоттаво аша.
Выбор основного перевода